Нохчийн Республикин культурин тIаьхьалуонийн объектех цхьаъ - Маьлхаьзнин каш

9 марта 2023
Нохчийн лаьмнашца йоьзна дукха къайленаш йу. Царех дукхахъйерш цигахь баьхначу нахана бен хуийла доцуш дIайевлла. Амма хьалхалерачу бIешерашкахь йиначу гIишлошца йоьзна а йу тамашийна къайленаш.Культурин тIаьхьалуонийн объекташ Iалашъйар лараме гIуллакх ду уьш талларца Iилманчийн вайн дайн дахарх лаьцна алссам хIума довза аьтто хиларна а. Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тIедилларца цу декъехь дIахьош болх бу. Таханлерачу дийнахь вайн регионехь билгалъйаьккхина 838 культурин тIаьхьалуонийн объект йу. Царех хIоранне а шен-шен башха истори а йу. Леринчу материалийн циклехь оха царех масех йолчу объектах лаьцна дуьйцур ду. Маьлхаьзнин каш – ГаланчIожан кIоштан МозаргIахь ду, XI бIешарера лоруш ду иза. Тархаш а йолуш, схьайеанчу меттехь, охьадогIучу хин тIехула дина жима цIа ду иза. Дукхахдолчу маьлхан кешнех Маьлхаьзнин каш доккха хиларца а, шена чохь нах тIе бохкуш йолу терхеш ца хиларца а, агIонгара чу-ара вала меттиг ца хиларца а къаьсташ ду. Ткъа иштта цу кешнийн чуволу меттиг къилбехьа йерзийна хуьлуш йу. Ткъа Маьлхаьзнин каш дина хан билггал хууш йац. Цу кошан цIе а ларамза кхоллайелла йац – МозаргIахь кхолладеллачу цхьана дийцарх йоьзна йу иза. Цунна тIедоьгIна аьлча, ширачу заманахь хьал долчу доьзалера йоIана гIийлачу нехан кIант везавелла хилла. И захало кхочуш ца хилийтархьама, йоьIан дас-нанас дIахьедар дина: тарханна тIерачу чIожах дехьавалалхь бен йоI маре йига пурба лур дац шаьш, аьлла. И тIедиллар кхочуш ца делла кIанте, цунах хиллачу бохамах йоI йелла. Цу йоIана дина хилла и каш. Iилманчаша билгалдарехь, цу дийцарехь йуьйцург Гихин бердаш йуккъера Маьлхаьзнин Каш тIехь лаьттачу тарханна бухахь йолу чIаж йу. <img src=https://chechnyatoday.com/images/uploads/2023/03/09/thumbnail/8e19d70e-bd99-41aa-bec3-fe396014ef51 (2).jpg> #россия #рф #chechenrepublic #chechnya #чечня #Кадыров #ЧР #russia #СМИ #СМИЧР #RKadyrov #чечнясегодня #новости #news #politics #chechnyatoday #грозный